Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Курчалоевский государственный колледж имени Шахида Калиева"

Бекарг беттан 23 дийнахь суьрташдахкархойн конкурс д1айаьхьира Курчлойн пачхьалкхан колледжехь

23.03.2023
Дешархойн нохчийн матте болу безам т1еч1аг1бар 1алашо йолуш бекарг беттан 23 дийнахь суьрташдахкархойн конкурс д1айаьхьира Курчлойн пачхьалкхан колледжехь. Къовсадаларшкахь дакъалецира 12 дешархочо. Хьалхара меттиг баьккхира Ахмедов Мохьмад-Хьабис Шолг1а меттиг белира Абдулвахарагов Зеламхина, Юсупова Фатимина, Кхолаг1а меттиг кхечира Муртаев Исраилна, Халимова Раянина.