Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Курчалоевский государственный колледж имени Шахида Калиева"

Бекарг беттан 17 дийнахь нохчийн маттана лерина дикайазйархойн къовсам д1абаьхьира

17.03.2023
Ненан меттан сийлалла, цуьнан исбаьхьалла йовзийтаран 1алашонца, дешархойн Даймахке а, шайн матте а болу безам лакхабаккхархьама, бекарг беттан 17 дийнахь нохчийн маттана лерина дикайазйархойн къовсам д1абаьхьира Курчлойн Калиев Шах1идан ц1арах йолчу колледжехь. "Нохчийн мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адан кхерам бу",- аьлла билгалдаьккхира шайн белхаш т1ехь кьовсамхоша.