Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Курчалоевский государственный колледж имени Шахида Калиева"

Курчлойн Калиев Шах1идан ц1арах йолчу колледжехь хаза ламаст хилла д1ах1оьттина къоман г1иллакх-оьздангаллина а, нохчийн маттана а лерина цхьанакхетарш вовшахтохар

13.03.2023
Курчалойн Калиев Шах1идан ц1арах йолчу колледжехь хаза ламаст хилла д1ах1оьттина къоман г1иллакх-оьздангаллина а, нохчийн маттана а лерина цхьанакхетарш вовшахтохар. Ишттачарех дара бекарг беттан 11 дийнахь вевзаш волчу йаздархочуьнца Юсупов 1усманца д1адаьхьнарг. 1усмана дийцира нохчийн матто а, литературо доьзалехь а, адамийн йукъаметтигашкахь а, пачхьалкхехь а д1алоцучу меттигах. "Нохчийн меттан б1ов замано йохор йац нагахь вай х1орамма а иза 1алашъйахь. Иза лаьттар йу нохчийн къоман йаздархой, поэташ мел беха, вай церан дош доьшуш, цунах пайда эца г1ерташ мел ду,- элира цхьанакхетар дерзош Юсупан Абдул-Кериман 1усмана.