Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Курчалоевский государственный колледж имени Шахида Калиева"

Суьрташдахкархойн конкурс "Нохчийн мотт"

20.02.2023

Чиллин беттан 20 дийнахь суьрташдахкархойн конкурс "Нохчийн мотт" д1айаьхьира Калиев Шах1идан ц1арах йолчу Курчлойн пачхьалкхан колледжехь. Къовсадаларшкахь дакъалецира 10 дешархочо. Хьалхара меттиг баьккхина 22ММС 11 А группера Умарова Меднис. Шолг1а меттиг баьккхина 22 МОЦИ 11 А группера Селимова Залинас а, 22ММС 11-1А группера дакьалацархочо Цурхаджиев Мохьмада. Кхоалг1а меттиг баьккхина 22ММС 11-А группера Адизова Жайнас.